Оккупация Чеченской Республики Ичкерия войсками Российской Федерации продолжается

 

Вход


Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Гуламехь вистхилар.

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

                                      БисмилЛах1ирРохьманирРохьим!

Паччахьан а, Советан а, Демократан а - олуш, шена ц1ераш а тохкуш, кхо б1е шо сов хан ю Россин империc, нохчийн къоман маьрша дахар а дохийна, цуьнан маршоне кхийда лаам кагба къахьоьгу.

 Паччахьан Россис нохчашца бина т1емаш, лелийна хароцонаш, къизаллаш, йохийна, ягийна ярташ, дайина бехк боцу адамаш.Эзарнаш яхь йолу нохчийн къонахий х1аллакбина паччахьан Россис. Уьш а, кхин а довза таро ю, нохчийн къоман а, паччахьан Россин а цу хенахь хилла чолхе юкъаметтигаш вай теллича.

 Паччахь а вохош, 1917 шарахь большевикаша кхоьллинчу Советан Россис, 23. 02. 1944 шарахь вайн къам Сибарех дахийтича: нохчаша лайна баланаш а, халонаш а тоьар яра —кхидерш ца хьехийча а. Къомах кхо дакъа дича, ши дакъа гергга: мацалло а, цамгарша а х1аллакбина нохчий - Сибарех буьгуш а, цига д1акхаьчча а. Дуьххьарлерачу шина - кхаа шарахь, Сибарех шаьш лайна баланаш буьйцуш, баккхийчеран б1аьргаш хих дузуш гинчех ду вай.

Делах д1акъаьстинчу кху Советан Россин 1едало нохчашна т1ехь лелийна къизаллаш а, харцонаш а аш йицъяхь, тхо къинт1ера девр дац шуна - алара баккхийчара кегийрхошка, белхаран къурдаш а деш.

 Къизалла а, ямартло а сов ялар а бен, жима нохчийн къоме болу шен хьажам, адамалла йолчу т1ег1ана баьккхина бац, 1991 шарахь, Советан Россин 1едал а дохош, кхоьллинчу «демократан» Россис а.

Вай цхьадерш теш а долуш, адамийн ц1и мийлина Советан 1едал доха герга даханчу хенахь, 23-25. 02. 1990 шарахь къоман Гуламехь (ОКЧН) нохчаша маршо кхайкхийра. Цул т1аьхьа нохчаша, Дуьнанаюкъара низам а лардеш: маьрша Ичкери пачхьалкх а кхоьллира, Жовхар (Дала г1азот къобал дойла цуьнан!) Призидент а хаьржира, Конституци т1е а ийцира. Аллах1а а, Дуьненаюкъаралло а магийна бакъо яра нохчийн

къам цу хенахь т1етевжинарг. И хиламаш гина а, цигехь дакъа лаьцна а ду вай цхьадерш.

 Бакъонца кхоьллина Ичкери пачхьалкх йохо а, маршоне кхийда лаам кагба а, «демократан» Россис нохчийн къоманна т1е ямарт а, къиза а 1аткъам бан болийра.

Хьехархошна а, лоьрашна а, кхиболчу белхалошна а алап дала ахча схьа ца хоьцуш, пенсеш сецош, шайна бохкабелла «нохчий» карзахбохуш, цаьрга талораш дойтуш, кхийолу новкъарлонаш еш къахьийгира Россис - керла кхоьллинчу нохчийн Ичкери пачхьалкхана адам дуьхьалдаккха

Цуьнах г1уллакх ца хилча, къиза ши т1ом бира Россис нохчашца: кхо б1е эзар гергга бехк боцу адамаш а дойуш, виъ Призидент а вуьйш. Царех 42 шиъ эзар а сов дайинарш бераш дара.

 Шайгара доьналла гайтарца, къизачу мостаг1анна дуьхьал а х1уьттуш: Ичкери пачхьалкх а, къоман маршо а ларъеш — эзарнашкахь яхь йолчу нохчийн к1енташа, мехкарша д1аделла шайн мерза синош. Вай уьш бицбахь - ирсе дахар а, сий а хир дац нохчийн къоман. Иза хаадеза - х1ора нохчочунна.

 Россин набахтешкахь эзарнаш нохчий бу, боцу бехкаш т1е а кхуллуш, чубоьхкина. Царна т1ехь къизаллаш латтош хилар къайле яц...

Кхо б1е эзар сов вуй-те аьлла, нохчий бу, сил дукхабезачу Даймахках а къаьстина - Европехь а, кхечанхьа а 1ардолуш. Нохчий тахана а бу, Нохчийчуьра ара а буьйлуш, хирачу мехкашкахь тховк1ело а, парг1ато а лоьхуш.

Нохчалла шегахь ерг Даймахках къаьстир ма вацара, доккха бахьана ца хилча — олуш, вай ч1аг1о ян дехьир дара.

«Демократан» Россис, ницкъ алсам шегахь хиларна: Нохчийн Ичкери пачхьалкх д1алаьцна хилар а, цо нуцкъалла т1ех1оттийначу 1едало Нохчийчуьра бахархойн бакъонаш хьешар а - и ши коьрта бахьана ду нохчий сил дукхабезачу Даймахках къестар.

 Аренца болчу нохчашна юккъехь: динехь а, къоман маршоне болчу хьежамашкахь а декъадаларш ду. Къаьсттина, нохчашна лазаме а, эшаме а ду - динан хьокъехь цакхетамаш хилар.

-Политика а ма йийца, Ичкери байракх а ма ийба, митинге а ма эха - бохурш а бу кху аренца. Тешам а г1елбелла нохчашлахь. Т1екхуьучу кегийрхошна мотт хаарехь а, нохчийн г1иллакх-оьздангалла йовзарехь а ю г1ело. Хаамийн г1ирсашкахь цхьаболу «нохчий» хаало вовшашна луьйш. Къоман векалх даьлла меттазниг а, яьлла ледарло а хаамийн г1ирсашкахь нахалайохурш а бу нохчашна юккъехь. И саннарш дан йиш яц Нохчалла шегахь йолчо...

 - Муьжгийн Россин салтийчо шен буьйха ког нохчийн лаьтта т1е биллинчу хенара схьа, тезет хедда дац Нохчийчохь - аьлла, Cоветан Россин 1едалца къийсам латтийначу Автарханов 1абдурахьманас (Дала гечдойла цунна!).

Нохчийн къоман дахар чолхе динарг а, цуьнан барт бохийнарг а Росси хилар - шеконе дилла йиш яц цхьаммо а.

Маскохара - Кремль- ц1е йолу буни йохийча а бен - нохчийн къоман дахар маьрша а, ирсе а хуьлийла дац» -олуш, шен хенахь, Жовхара дитина дешнаш, мехала ду тахана а.

 Лакхахь билгалдинарш а, кхин а нохчашна юккъехь долчу лазаршна дарба лахар коьрта 1алашо а йолуш, Даймахкал арахьа 1ардолчу Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Къанойн Кхеташо кхоьллира 23. 02.2014 шарахь, Брюссель г1алахь. Тахана диъ шо кхаьчна и Кхеташо йолу. Иза кхолларх а, цо шена хьалха х1иттийначу декхарех а, динчу г1уллакхех а дийца дуккха а ду. Уьш, цхьадерш, довза таро ю хаамийн г1ирсашкахь.

 Шун хан к1езиг яйархьамма, Къонойн Кхеташоно бинчу балхах коьрт - коьртаниг довзийта хьовсур ду вай - лахахь:

 1) барт боьхна меттиг билгалъяьлча, масла1ат а лехна;

 2) нохчочун бакъонаш талхош хааелча, цунна г1о - накъосталла дан а хьаьжна;

 3) нохчийн г1иллакх — оьздангаллах а, маттах а дош олуш - хаамийн

г1ирсашкахь видероликаш яржийна;

 4) политикан 1алашо йолчу вовшахкхетаршкахь дакъа а лаьцна, цигехь

дистхиларш а дина;

 5) -Къанойн дош - аьлла, ц1е а йолуш, Кхеташонан сайт а кхоьллина;

 6) х1ора баттахь, компьютаран г1оьнца, цхьацца хаттар дийцаре а деш,

Кхеташонан Декъахойн Гуламаш а бина;

 7) Кхеташонан Декъахоша бина сацамаш а, кхайкхамаш а адамашна бовзийта -

хаамийн г1ирсашка а баьхна;

 8) Берлинехь а, Венехь а меттигера Кхеташонаш а (филиал) кхоьллина;

 9) Нохчийн къоманна т1ехь лелийна а, лелочу а харцонех Росси жоьпе озор

доьхуш - Дуьненаюкъара хьакъдолчу урхаллашка Кхайкхамаш а язбина;

 10) Доьлхуш а, дог1уш а, цхьацца меттигашкахь, нохчашца вовшахкхетарш а дина.

 Аьттонаш а, таронаш а йоцуш, шайн киснара соьмаш а духкуш: Аллах1ана гергахь нийсадоцург а, Дуьненаюкъараллийна зуламехиндерг а, къоманна эшамедерг а ца дан нигат а долуш- къахьегна Къанойн Кхеташонан Декъахоша. Аллах1ан а, доьхна хьийзачу къоман а дуьхьа ца хилча - лелор дац и саннарш.

Ахча а, кхиболу аьттонаш а белхьара, вайга кхочур а бацара х1ара белхаш - алара, цхьаболчу Кхеташонан Декъахоша, х1ума ца нислуш меттиг беъча.

 Доьхна, даьржина, хало 1овшуш къам а долуш: бехказлонаш а лехьош, чу д1а а тийна, доьшанах кхачо а йина - 1ан йиш яц яхь йолу Нохчо.

Дайн мостаг1о, Россис: барт а бохийна, маршонах а хадийна, йийсаре а лаьцна, г1ело 1овшучу шен къоманна орцах а ваьлла - ирсе кхача меттиг бу тахана нохчочунна.

Къаьсттина, нохчийн къомехь тахана долу чолхечу хьолан еза аг1о, даъиманна а ма хиллара: шайн белшашна т1е эца а, иза д1акхехьа а декхарийлахь бу кегийрхой - баккхийчаьрца дага а бовлуш.

 Ас даггара баркалла боху Къанойн Кхеташонан Декъахошна, аьттонаш г1илаболлушехь - Даймахках къаьстинчу нохчашкахь долу лазаршна дарба лохуш къахьегарна. Къаьсттина, баркалла ала лаьа Францехь 1ардолу воккхачу стаганна, Данилбекана, шен чуьра виъ доьзалхо г1азотехь а кхелхина, могшалла шеца йоццушехь, Къанойн Кхеташонан Декъахо а волуш - къахьегарна. Х1ума деш а, къахьоьгуш а долчу адамера г1алато йолу. Нагахь Къанойн Кхеташонан Декъахошкара: хууш а, т1е ца кхуьуш а цатамехь дерг даьллехь, - вежаршка, йижаршка, къинт1ера довлар доьху.

 Хаамийн г1ирсашкахь Къанойн Кхеташонна луьйш а, цо бечу балхана резабоцурш а: - Иза бакъонца коьллина яц - бохурш а хаъло. - И Къанойн Кхеташо Закаевн Ахьмадан лаам кхочушбан кхоьллина ю - бохурш а бу царна юккъехь. Тхо Закаев Ахьмадан а, я, кхиволчун а лаамаш кхочушбечарах дац. Къанойн Кхеташонан Декъахоша кхо шо хьалха, маршонна юкъ йихкинчу нохчашлахь барт лохуш къахьийгира. Дистхиларш а,

талламаш а, дагадовларш а дича, Къанойн Кхеташонан Декъахоша:

Закаев Ахьмадас а, цуьнан накъосташа а нохчийн къам маршоне кхачо кху аренца хьоьгу къа къобал а до, иза пайде а хета - олуш сацам а бира, иза хаамийн г1ирсашка а баьккхира. И сацам тахана а къобал бо Къанойн Кхеташоно - нийса а, бакъонца

а хиларна. Коьртачу декъана оцу сацамо кхоьллина ду, лакъахь билгалдина, Къанойн Кхеташонна аларш а, резабацарш а. Нагахь - И сацам харц бу - бохуш, тоба елахь, шари1атехь цуьнах къастам бан реза бу Къанойн Кхеташонан Декъахой. Кхеташонан

Декъахоша д1ахоуьйту, дийцаре диллинчу х1уманан жам1 деш: шаьш бакъо лехний а, харцонан накъостий ца хиллий а, хирдоций а.

 Нахана лер: Далла гергахь къилахь а, нохчийн къоман 1адатехь осал а лору. Нахана лийнарг сийдолуш хилла вац нохчашна юккъехь - цкъа а!

Хьаг1, цабезам кийрахь а болуш, луьйш, цхьаъ алаг1ертарг билгалваьлча: - Ж1аьла лета, амма эмкалийн ковра - м йоьду (Собака лает, а караван идет) - алара Жовхара.

 Вай баркалла боху Европан а, кхийолчу пачхьалкхийн а куьгалхошна, цигарчу бахархошна: де эшна баьхкина нохчийн мух1ажарш т1еэцарна а, царна тховк1ело а луш, кхидолу г1о дарна а.

Цхьаьна шинаро юьртан бажа бехбина - олуш, кица ду нохчийн. Цхьаболчу нохчаша шайгара юьлуьйтучу ледарлонаша: цабезам а, вон ойла а кхуллу - дерриг а нохчийн къомах. Ша 1ашволчу пачхьалкхан низам а талхош, хьаштдоцург лелочо: Даймахкал арахьа 1ардолчу нохчийн меттиг а йохайо, 1едална зуламе а ву и саннарг.

 Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Къанойн Кхеташо хилар а, цо Даймахкал арахьа 1ардолчу нохчашна юккъехь болх бар а - ч1ог1а оьшуш а, мехала а ду. Иза оьшуш хилар т1еч1аг1до, шен хенахь, нохчийн маьрша дахар а нисдеш, къоман са а, ч1аг1ам а хиллачу Мехкан Кхиэлан цхьа суй шеца болуш и Къанойн Кхеташо хиларна.

 Къанойн Кхеташонан белхан кхиамаш алсам хилийта новкъарло йо: Даймахкал арахьа 1ардолу нохчий, гуьлахь а боцуш, баьржина хиларо а, Кхеташонан Декъахойн баха - бахка аьттонаш бацаро а. Къаьсттина, Къанойн Кхеташонан балхана новкъарло йо, мостаг1о, Россис: нохчашна ямарт, къиза 1аткъам баро а, цу 1аткъамо къам декъаро а. Вежарий, йижарий, нохчашна юккъехь долу кхачамбацарш (лазарш) д1адаха хир вац цхьа а - вай доцурш. Цу т1е а доьг1на: барт хиларе а, само яре а кхойкху - яхь йолчу нохчашка!

 Нохчийн Ассамблеи Къанойн Кхеташонан х1оттамехь цхьацца хийцамаш бан безаш хьал х1оьттина. Цхьаболу Кхеташонан Декъакъахой, бахьнаш а х1иттина, юкъара д1абевлла хиларна, уьш парг1ат а буьтуш, Кхеташонан Декъахой т1ехаржар а ду кочуш дан дезаш.

Кхеташонан Декъахо хилавеза: собаре а, нохчаша маьрша хила латтабо къийсам къобалбеш а, бакъонан г1арол а, наха лоруш а. Цхьаьна наха тешам а белла, юкъарчу г1уллакхан цхьа гечо лардан резахиллачу нохчочунна хаадеза: шена т1ехь жоьпалла дуй а, бехказлонаш а ца лехьош, къахьегадезий а.

 Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Къанойн Кхеташонан коьрта 1алашо нехан хьашташ кхочушдар хиларна, аренца болчу вежаршка, йижаршка кхойкху - цу Къанойн Кхеташонна накъосталла даре.

 Нохчийн Асамблеи Къанойн Кеташонан болх беркате а, кхиаме а хуьлда! Дайша сатийсинчу маршоне а кхачош, Дала ирсе дахар лолда вонаш дайначу нохчийн къоманна!

 Европехь а, кхечанхьа а 1ардолчу Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Кхеташонан Декъахойн тхьамда - Хучин Ахьмад. 24. 02. 2018 ш. Бельги

Источник: qaanuoy.com