Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

ВОЦУРГ ХИЛА МА Г1ЕРТА

Ялтийна шорталла йолуш пхи к1ант кхиъча, оцу доьшано даге куралла а йоьссийна, коьрте лаккхара ойланаш хьийзаш хиллера цхьа да - дахка. Ша санна долчу дехкийн лерам боцуш, царна букъбетташ хилла иза. Кху дуьненчохь уггаре а г1ор алсам дерг а лехна, цуьнан йо1 шен кхиъначу к1антана яло нигат дина цо.
Хоьттуш, дагабуьйлуш лелачу да - дехкана, цхьамма хьехар дина: «Малх бу массарел а г1ор алссам долуш» - аьлла. Иза шен дагахь къобал а дина, да - дахка малхана т1ебахара боху. Малхана ша т1екхаьчча:
«Х1ай, малх, к1ант кхиъна сан. Кху доккхачу дуьнент1ехь г1ор алсамдолчун йо1 цунна яло нигат дина аса. Дагаболуш, хаттарш дича, хьо бийци суна. Хьан г1оране кхочуш кхин г1ор дац боху. Хьайн йо1 яийта шен к1анте» - олуш, бистхилира боху да- дахка малхе.
Оцу да - дехко лелориг лорт1ехь доций хууш, цунна зен дан йиш йоллушехь: «Эх1, ма къахьегна ахьа суна т1екхача г1ерташ! Инзаре доккха г1ор а, ницкъ а белла шена Дала. Амма шел а нуьцкъалла ю -1аьржа мархаш. Цара, дуьхьал а йовлий, сан з1аьнарш лаьтта ца кхочуьйту. Мархаш ю шел г1оранехь. Церан йо1 яло хьажа хьайн кхиъначу к1антана» - олуш, малхо да- дахка мархашна т1ехьажийра.
Маьлхо шега аьлларг къобал а дина, мархашна т1ебахара да- дахка. Цо цаьрга:
«Х1ай, мархаш, к1ант кхиъна сан. Ницкъ а, г1ор а алсамдолчун йо1 цунна яло нигат долуш бу со. Хаттарш а деш, дагабаьлча, малх бийцира суна — массарел а г1оране бу, аьлла. Малхана т1ебахара, цуьнга шен йо1 сайн к1анте яийтар доьхуш. Цо: шел ницкъ а, г1ор а алсам долуш — шу мархаш йийци суна. Шайн йо1 яийта сан к1анте» - элира, мархашка да-дехко.
Да-дехко шайга цу кепара къамел дича, иза галбаьлла лелий хиира мархашна. Жимма ладуг1уш а 1ийна:
«Маьлхан з1аьнарш лаьтта ца кхочуьйтуш, совцало тхоьга. Лаьтта дог1а 1енош, даккхий зенаш дало 1аламна а. Боккха ницкъ белла тхуна Дала. Тхуна новкъарло ян х1умма а дац — цхьаъ доцург. Иза мох бу. Цо лохке: йовла а, яла а меттиг боцуш — хьийзайо тхо. Мох бу тхоьл ницкъ а, г1ор а алсам долуш. Моханна т1е а г1ой, цуьнан йо1 йига хьайн к1антана» - олуш, мархаша моханна т1ехьажийра да- дахка.
Мархаша бохучух а тешна, моханна т1ебахара да- дахка. Цо моханна а бицира ша арабаьккхина некъ. Шен къамел дерзош: «Малхана т1ебахара со, цо мархаш йийцира. Мархаша, мох, хьо бу боху шайл алсам ницкъ а, г1ор а долуш. Хьайн йо1 яийта сан кхиъначу к1анте» - олуш, да- дехко сацийра мохе де къамел.
Шега да -дехко динчу къамелан мах хадош, мохо жимма ойла йира. Моханна а хиира: ц1ерхазмана а, шегахь доцург айбана а — и да - дахка лелий. Цуьнга эрна къа ца хьегийта а, иза сихха лаьтта боссорхьамма а:
«Мархаша бакъдерг дийцина хьоьга. Мархаш а лоьхку, х1ордаш а, 1апказаш а ловзадоху, лаьмнаш а, ц1енош а херцадо, дитташ бух а дахало соьга. Боккха ницкъ а, г1ор а ду соьгахь. Амма цхьа жима, лоха кондар ю лаьмнашкахь, т1улгашна юккхехула хьаьла йолуш. Цунна дан х1умма а ца хуьлу сан. Иза бух а ца яккхало, каг а ца ло. Соьл нуьцкъал а, г1оране а и кондар ю хьуна. Цунна т1е а г1ой, цуьнан йо1 йехий, иза йига хьайн к1антана» - олуш, мохо сацийра шен къамел.
Мохо белла кхетам схьа а эцна, лаьтта а боьссина, кондарна т1ебахара и да - дахка. Цо кондаре бийцира арабаьккхина некъ. Ша динарш а, лелийнарш а довзийтира. Шен къамел дерзош: «Малхо - мархаш, мархаша - мох, мохо, хьо, кондар йийци суна. Мохо хьо ю боху — шел г1оранехь. Хьайн йо1 яийта сан к1анте» - кондаре олуш, да-дехко сацийра къамел.
Да- дехко лелочух кхетта: «Малх мел ч1ог1а къегина лаьтта хьажарх, йовха хиларх — новкъарло ца хуьлу суна. Мархаша дуккха а лаьтта дог1а даийтарх, зен ца до. Мох чехка а, чйог1а а хьакхарх, цуьнга х1умма а да ца ло суна.
Амма, хьо санна, цхьа дахка бу. Хьалхарчу когашца цо го а охке, бухара сан коьрта орам буу. Цу дехко и орам биъча, сан г1ор г1елло. Цул т1аьхьа: мархаша доуьйтучу дог1ано йашош, малхо якъош, котаман мас санна — яйло со. Мох баьлча, цо ойбе, х1ара дуьне мел ду ловзош — д1а-схьа кхоьхьу. И дахка бу сан г1ор г1елдеш, цунна дан х1умма а ца хуьлу. Оцу дехкана т1е а г1ой, цуьнан йо1 ялайе хьайн кхиъначу к1антана» - олуш, кондаро щен ц1а хьажийра и да - дахка.
Дагчу куралла а йоьссина, шегахь доцург лелош, лакха кхийдина и да — дахка, ша санна долчу дехкашна юккъе - лаьтта боьссира. Ша санна болчу дехкан йо1 а ялийра цо шен к1антана. Мел дукха эрна къахьийгира оцу да - дехко - боцург хила г1ерташ. Иштта чеккхе йолуш доьрзу, оцу да-дехках лаьцна долу дийцар.
Боцург хилаг1иртина, лакхахь буьйцу да - дахка санна, адамашна юккъехь а нисло цуьнах терра дерш. Кху т1ехьарчу шерашкахь, нохчийн къомо мостаг1анна дуьхьал маьрша хила бечу луьра къийсаман хиламашкахь, шайна цхьацца ц1ераш а тохкуш, нохчашна юккъехь билгалбевли: боцурш хилаг1ертарш а, шайгахь доцург лелош берш а. Зулам ду цара уьйбург. Маршонан новкъахь пайдехьа дерг даг1ерта нохчо а ца вуьту цара мехала къахьега, цунна дерг а, доцург а т1екхуллуш. Ша цхьаъ ву а моьттуш: нахана луьйш, шегахь доцург лелочо — ша-шена зен а, мостаг1анна луург а до, юкъарчу г1уллакхана эшам а бо.
«Шегахь доцург лелошверг — шегахь дерг лелон ма вехийла!» - олуш хилла, вайн дикачу дайша. Иза цара олуш хилла, шегахь доцург лелочо, шегахь дерг а - лорт1ехь дан йиш йоцу дела.
Йижарий, вежарий, Дала хьекъал а, доьналла а, собар а лолда вайна: ас-сой бохург, нахана луьйшверг, шегахь доцург лелориг - вовза а, мах а хадош, цуьнах лардала а!

Хучин Ахьмад