Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Къоман Низам Юккхера Дакъа

Редакции деана кехат.

 

                                                             Бисмиллях1ир-Рахьманир-Рахьим

                      

  НОХЧАЛЛА коьрте а оьцуш,   15. 05. 2017 шарахь, Брюсселехь хиллачу  Дюненаюкъара Конфиренцех доцца дош алар.

 Россин а, Ичкерин а пачхьалкхашна юккъехь, 12. 05. 1997 шарахь Москвахь Машаран Ч1аг1ам бина 20 шо кхачарна лерина, 15. 05. 2017 шарахь Брюсселехь Дуьнаюкъара Конфиренци д1аяьхьира. И Гулам вовшахтухуш къахьегна хиллера: Ичкери Пачалкхан Кабинетан Министрин кугалхочо Закин Ахьмадас а, цуьнан накъосташа а, иштта, Европарламентан декъахоша а, Дуьненаюкъара Рax Khristi ц1е йолчу организацино а. Оцу Конфаренцехь дакъалаьцнарш а, дина дийцарш а, хилла сацамаш а бовза таро ю хаамийн г1ирсашкахь.
Цу Гуламехь бинчу балхо:

а) Россин а, Ичкерин а пачхьалкхашна юккъехь Машаран
Ч1аг1ам бина хилар а, иза оьрсийн пачхьалкхан куьйгалхоша
бохийна хилар а карла а даьккхи;
аь) кхид1а Россин а, Ичкерин а юкъметтиг къастаяр, цу
Машаран Ч1аг1аман бухт1ехь хиладезар а т1еч1аг1ди.

Доцца вай аьлча, вонаш дайначу нохчийн къоманна пайде, мехала - дийцарш а дина, кхиболу сацамаш а бина цу Конфиренцехь.
«Бахьанаш леладе, х1ума кхочушхилийтар Шегахь ду» - боху вайга, Аллах1а» - олуш, хезна вайна дешначу наха.
Вай алаг1ертарг ду, оцу Дуьненаюкъара Конфиренцехь бинчу белхан жам1, т1ейог1учу хенахь нохчийн къоманна - мехала а, пайде а хиларе вай сатийсар.
Х1инцале а, Брюсселехь йинчу Дуьненаюкъара Конфиренцех олуш, цуьнан болх сийсазбаккха г1ерта адмаш а гучудевли. Оцу Гуламан болх чекхбаьлча, хьешашна хьошалла деш динчу цхьаьнакхетарехь: дина хелхарш а хьехадо цара, декъахошна луьйш а бу уьш.
Нохчийн къонахчо хийла хьешанна хьошалла дина, шена хилла боккха бохам къайла а боккхуш, хелхар а дина, мостаг1чунна ша воьхна а, велла воцийла гайта. Пайхамаршна а (Делера салам а, маршалла а хуьлда царна), Эвлаяашна а, къонахашна а лийна адамаш.
«Делан лай - нахана луьйш хир вац» - алара, вайн къонахий хиллачу дайша. Дийнаболлушехь, шаьш белча, ялсамана кхочур ду моьттурш а бу вайна юккъехь. Ялсамане я жоьжаг1ате вай кхачадар - иза Аллах1ехь ду. Цуьнгахь и хилар, шеконе дилла йиш яц - вайх, цхьаьнне а.
Таронаш, аьттонаш г1ийла белахь а, Ичкери Правительстван куьйгалхо Закин Ахьмад, ахьа а, хьоьца болчу накъосташа а, вайн г1ийлачу къоман дуьхьа хьоьгуш долу къа хууш а, цуьнан лерам беш а - нохчех к1ентий буй хаалаш.
Шеко йоццуш, т1екхочур ю зама, х1ора нохчочо: ша аьллачух а, динчух а - Далла а, юьртана а, къоманна а хьалха жоп дала дезаш. Цу дийне - юьхь1аьржо а йолуш ма - кхочийла вай! Вай, Везачу Аллах1е
доьху, Закин Ахьмад, ахьа а, хьан накъосташа а хьоьгуш долу къа, вонаш дайначу нохчийн къоманна пайдехь хилийтар.
Шайх Мансуранна т1ера схьа, таханлера де т1екхаччалц йолчу хенахь, вайн къонахий хиллачу дайша сатийсина маршоне кхачадойла Дала - жима, турпала нохчийн къам!

Нохчо - Шихмирза                 23. 05. 2017ш.