Оккупация Чеченской Республики Ичкерия войсками Российской Федерации продолжается

 

Вход


Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонера кхайкхам

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

Даймахкал арахьа 1ар-дахар долчу нохчашка.

Т1аьхьарчу 2-3 б1ешарахь, нохчийн къоман яхь йолчу к1енташа а, мехкарша а, хаддаза, муьжгийн Россина дуьхьал маьрша хила латточу къийсамехь, тахана къомехь долу чолхе хьал санна — хала киртигаш 1иттаелла нохчашна т1е.
23. 02. 1944 шарахь, нохчийн къам, бехк-гуьнахь а доцуш, сил дукхабезачу Даймахках даккхар - дуьненна а хууш ду. И ирча сурт дайнарш а, цу дийнан къаьхьалла 1евшинарш а, цхьаболу нохчий, х1инца а дийна бу. Дийцарехь, баккхий баланаш лайна нохчийн къомо Даймахках доккхуш а, Сибарех д1акхаьчча а.
Мацалло, шелоно, цамгарша дуккха а адамийн синош д1аоьцуш, баларш хилла нохчашна юккъехь. Хийла нохчийн дай, наной, йижарий, вежарий, бераш докъаза байна цу Сибарех. «Вайн къомах кхо дакъа дича, ши дакъа нохчий х1аллакхилла цигех» - алара вайн дайша.
Т1ех1уьттучу халонашка шайна т1ехь толам а ца боккхуьйтуш, г1иллакх-оьздангаллех а ца бухуш, 13 шо даьккхина нохчаша Сибарех. Даймахке сатуьйсуш, цуьнга болчу безамо дегнаш делхош, б1аьргаша мела хиш 1енош яьккхина нохчаша и хан.
«Воккханиг а, цамгарца верг а, берах йолу зуда а, жима бер а ца къстош, бехк а боцуш, муьжгийн Россис вайн къам сил дукхабезачу Даймахках даккхар аш дицдахь— тхо къинт1ера деврдац шуна!»- вайн баккхийчара, белхаран кхурдаш а деш, кегийрхошка олуш хезначех ду вай. Х1инца боцуш бу уьш (Дала гечдойла царна!).
Сибарех мел хала хиллехь а, яхь йолчу нохчаша гайтанчу цхьаалло а, доьналло а, вайн къоман лаккхара мах хадош — дешнаш алийтина кхечу къоман векалшка (Шен хенахь Солженицина нохчех аьлларг а тоьар ду — лакхахь вай аьлларг т1еч1аг1да).
23. 02. 2017 шарахь, 73 шо кхочу нохчийн къам муьжгийн Россис Сибарех дахийтина. Вайн дайша, наноша, йижарша, вежарша цу хенахь лайна халонаш а, баланаш а, уьш дицдина «нохчо» ма ваха - дийнахь ва сарралц.
Тахана а дац жимачу нохчийн къомехь долу хьал — да воккхавер волуш. Нохчашкахь долу лазарш дагардина вер а вац. Уьш билгадаха эшац. Нохчийн къомехь тахана долу чолхе хьал довза луъчунна — инзаре дукха хаамийн г1ирсаш бу г1о деш.

Лакхахь доцца кехате диллинарг тоуьйтуш, 28. 01. 2017 шарахь, Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша, компьютаран г1оьнца д1абаьхьначу шайн Гуламехь, къам Даймахках даккхар 73 шо кхачаран лерам беш диначу дийцаршкахь т1еэцна сацамаш бовзуьйту лахахь:

1. Ичкери 1едало, нохчийн къам Даймахках даьккхина 73 шо кхачарна далеринарш билгалдохуш, 26. 01. 2017 шарахь арабаьккхина сацам — къобал бар.

2. Кхеташонан Декъахочо Асхабов Данилбекаc нохчийн къам Сибарех дуьгуш а, цига д1акхаьчча а шена дайначух а, лайначу баланах а дош олуш видеоролик кечъяр а, иза хаамийн г1ирсашка яккхар а.

3. Страсбургехь а, Берлинехь а, Лонданехь а, Парижехь а, Венехь а, Варшавехь а, кхечанхьа а нохчий алссам 1ашболчохь, г1оране хьаьжжина, митингаш яр а, Сибарех кхелхинчарна т1ера саг1адаккхар а.

4. Адаман а, къаьмнийн а бакъонаш ларъян декхарийлахь йолу
Дуьненаюкъара Лакхарчу урхалле, нохчийн къам 23. 02. 1944 шарахь, къизалла гайтарца бакъонаш а талхош, Даймахках даккхаран хьокъехь
Кхеташонан ц1арах Кхайкхам язбар.

Нохчийн къам Сибарех дуьгуш а, цигахь а кхелхинчу вайн дайшна, наношна, йижаршна, вежаршна, берашна - Везачу Аллах1а гечдойла! Тахана а боьхна, баьржина хьийзачу нохчийн, Аллах1а, Ша резаволчу новкъахь барт а бойла!

12.02.2017ш.

Европехь а, кхечанхьа а 1ар-дахар долчу Нохчийн
Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонера кхайкхам.