Аслан велла вац шун, Аслан Шахид хилла
Тахан вайн т1е хоьтнарг доккха де ду!Нохчийн Пачхьалкх
Нохчийчоьнан Паччахь Аслан Масхадов Делан новкъахь ШАХИД
хилла, Делан веза хьаша хилла. Везашу АЛЛАХ1 ДАЛА къобал
дойла цуьнан деза Г1азот,Далмукълахь Веза Шахид хилла,
Элчанийн мог1рехь хир ву из.
Нохчийн Пачхьалхкан йозуш цахилар, Аллах1ан дош Нохчийчохь
чаг1деш, буьрсачу, к1оршамечу т1амех Нохчийн Суран хьалха
ваьлла борз санна лета лет, шен Даймехкан хьалха долу
декхар кхочуш деш, къонах санна Дала дуьхьал ваг1и из.Цо
гайтир дуьненна, Паччахь мух хил вез.
Аслан велла вац шун, Аслан Шахид хилла, Делан веза хьаш
ву шун!Даиман вайн дегнашкахь вехар ву из, цо вайг кховдийна
сийлахь некъ чекх баккха Аллах1 Дала доьнала лойла вайна.АМИН!
Шоlип Мальсагов и мусульмане Турции
Чеченпресс, отдел писем, 09.03.05г.