Сделать стартовой Добавить в избранное Отправить ссылку
   

  ,

eng | rus  
 
РАЗДЕЛ: "НОВОСТИ" 
Новости за 18 ноября 2004 г.

ДоттагIчуьнга долу весет

Ассаламу Iалайкум, тхан вежарий! Марханаш къобалдойла шун, Дала балха тIехь аьттонаш а, кхиамаш а хуьлийтийла шун, Дала Нохчийчоь оцу йовссарех паргIат а йоккхийла, ткъа вайна могаш-маьрша цIадерзар а лойла массарна а.
Генарчу цхьана Европерчу махка а кхаьчча, цигахь вехаш волчу вайн вешо шена дукха везачу доттагIчуьнга яздина ду хIара бухахь долу кехат-весет. Шайн аьтто балахь, аша хIара чутоьхча нахана ойла ян хIума дара. Мухха нислахь а, баркалла.

ДоттагIчуьнга долу весет

Цу Делан мостагIаша махкаха ваьккхина,
ЦIа верза йиш йоцуш гIайгIане волчу,
Баланаша, гIайгIанаша коьрта чу ов детташ,
Вашас шен вешега деш весет ду хIара.

И АллахI, вайн Дела, со цхьаъ веш ву хьуна,
Вайн элча Мухьаммад со бакъ веш ву хьуна.
Дала вайна тIедехкина сий долу и парзаш,
Ницкъ кхочучу барамехь, со кхочуш деш ву хьуна.

Иштта сан весет ду: вайн Дела цхьаъ велахь,
Сий долу вайн Элча бакъвеш хьо хилалахь.
Ламазах, марханах ца хедаш хьо хилалахь,
Ницкъ кхачахь, Хьаьжа-цIа ваха ойла еш хилалахь.

Цул тIаьхьа сий долу вайн нана ларалахь,
Цуьнан хьашташ кхочуш деш, къахьоьгуш хилалахь.
Дашца а, гIуллакхца а цунна вас ма елахь -
Сан весет ду хьоьга, сан мерза ваша.

Сий долчу КъурIан чохь Лекхачу вайн Дала,
Шен цIарах цIе хIуттуш, дай-наний хьахийна.
Цу шиннен дозалла вайна хоуьйтуш,
Дуккха а хьадисаш Элчано дийцина.

Дай-наний деза хилар Мусана довзуьйтуш,
Везачу вайн Дала цуьнга ма аьлла,
ТIаьхьарчу тIаьхьенна масал а даладеш,
Уьш лерар билгалдеш Цо цуьнга аьлла:

- Йа Муса, хьо Шена муьтIахь а хилла,
Ден-ненан сий ца деш, хьо Iеса хилахь,
Шена ша Iеса хьо хиллачех вер ма ву,
Хьо ларлуш хилалахь йа калимуллахI!

Амма хьо Шена Iеса а хилла,
Ден-ненан сий дина, уьш лоруш хилахь,
Ша Шена муьтIахь хьо хиллачех вер ма ву -
Воккхачу вайн Дала Мусага аьллера.

Вайн Элчанан хьадис ду (Делера салам хиларг),
Шен Даймохк дукхабезар иманах ду, аьлла.
ЦIа верза сагатдеш, къурд бан ницкъ ца кхочуш,
Са готта со ву хьуна, сан хьоме ваша.

ФирIунан Iазапах кIелхьара а даьккхина,
Шен къам эцна воьдучу цу Муса-пайхмара,
Некъаха тилвелла некъ ца карабеш виссича,
Iелимнах гулбина, цо цаьрга аьллера:

- Цхьана Делан балхо вай некъах тилийна,
Хилларг хIун ду? - аьлла, цо цаьрга хаьттира.
- Юсупана йина чIагIо вай кхочуш яллалц,
Некъ вайна карор бац царах цхьаммо аьллера.

И чIагIо хиллера Юсупа ша кхелхаш,
Шен къам а гулдина, цаьргара яьккхина.
- Вайн къам Мисрара дIадоьдуш, ша витий ма гIолаш, -
Аьлла, цо цаьргара дош даьккхина хиллера.

- Цундела вай тилла нийсачу некъаха,
И чIагIо кхочуш еш вай и схьа ца эцахь,
Дала вайна леринчу махка вай кхочур дац, -
Царах цхьана Iилманчо аьлла хиллера.

Уьш вовшах дагабевлира: "Вай хIун де? - аьлла. -
Юсупан каш вайна карор ма дац".
Цхьа йоккха, къена стаг билгал ма елира,
Шена хаьа мичахь ду Юсупан каш, аьлла.

- Дийца, ткъа, мичахь ду, - Мусас шега хаьттича:
- Цу кхана догIучу къематан дийнахь
Ша хьалха яккха ахьа хьайна тIе ца лацахь,
Дуьйцур дац, - элира къеначу цу зудчо.

Вайн Дала вахьйу дира сий долчу Мусага,
Цуьнан доIина жоп дели Ша боху, аьлла.
Юсупан дакъа эцна уьш буьйла белча бен,
Шема боьда некъ царна ца карийра.

Нагахь со вац аьлла шийла кхаъ хьайна кхачахь,
Са тухуш собаре хьо хилалахь.
Майкале Питер ваха магийначу кху махкахь
Со Iилла ца вуьтуш, цIа вигалахь.

Дай-наний доллучу кешнашка а вигий,
Царна юххехь со лаьтте ахь кховда велахь.
Къинхетамца куьг тухуш, сан лахьта нисдай,
Даггара со Деле ахьа вехалахь.

Кешнашкара нах дIа-схьа а бовлийтий,
Цхьа жимма сан коша тIехь хьо сацалахь.
Мункарой, Некирой барт хаьттина бовллалц,
Хьайн вешин дог оьцуш, хьо сацалахь.

Цул тIаьхьа, чуьртана букъ а ца тухуш,
Меллаша ког боккхуш, хьо вухаверзалахь.
ГIийлачу ойланца хьайна тIаьхьа бIаьрг бетташ
Хьай ваша хир вуйла хьуна хаалахь.

Пайхамарна а ца лиъна-кха, тIе кхача да воцуш,
Цу пана ва махкахь ша цхьалха висса.
ГIийлачу хьан вешин хIун бехк бу, сан ваша,
Дайн махкахь воьрзу меттиг хила лаарна?

Нийсачу хьан кхиэлана реза ву со, сан Дела,
ХIетте а, деха аьлла, Хьан дош ма ду.
Сужданахь, сий долчу Хьан юьхье вирзина,
Хьан жоьпе са туьйсуш доьху ас Хьоьга:

Могаш а, маьрша а йиша-ваший долуш,
Сан ненан хьазрате со кхача велахь,
Цкъа цуьнан сий долу юьхь суна схьагаллалц,
Сан хан ахь яхъелахь, йа АллахI-Дела.

"Чеченпресс" сайт, кехатийн дакъа, 18.11.04 шо

 

Copyright © 2001 Государственное информационное Агентство "ЧЕЧЕНПРЕСС".
При полном или частичном копировании материалов сайта ссылка обязательна.
Мнения авторов могут не совпадать с мнением редакции сайта "ЧЕЧЕНПРЕСС"
Замечания и пожелания Вебмастеру: webmaster@chechenpress.info