Политик вацахь, "тас" ма 1енаде...
CHECHENPRESS. 29.05.2010 г.
Дас, шeн к1анте хьеxар дина: "К1ант, хьо ма вовзийталахь царна"- бохуш... "Дика ду, вовзуьйтур вац ша-м",- аьлла к1анта. Цкъа мацца а, к1ант ц1а веача, хаьттина Дас: "Вовзам ца вовзийтира ахь хьо царна?"- аьлла. "Х1ан-х1а, Дада, ца вовзийтира, царна шайна вевзир-кха со",- жоп делира к1анта...
Делахь, a...беков, 1аддa 1ийна велар-кха хьо, - хьо a, хьай "западни пуронт" a, кху "западняхь" ца йовзуьйтуш! Оцу www."ichkeria.kotam-bun" чу а хиина, къурдйoьлла котам санна, къурдаш деш, cан "кора" к1елара д1а ца вели-кха хьо, велла ма валарг. Х1инца-м нахах а эхь ма ду, х1ун боху те, цу керта буьххьера кхойкхуш йолчу, кхайкхаза еанчу, "хьаьвзинчу" бoрг1алo?... "X1у доло" йитина цхьаъ бен йоцу харданг-н1аьна, д1ахеца йийзи-кха сан...Ткъа иза "г1aзотехь" хилахь, тхан бераш х1оаш доцуш дуьсур мa ду!...
Делахь а, "ichkeria.kotam-bun" чохь, яздинчух вер вац-кха... Цул совнаха, цу чохь "къоманa" деш долчу, чекх-сагучу х1оэх, шу зав-птицефермo, цхьажимма "гумпомош" яла а там бу...
Ахьа дийцарехь, дукха хан йоццуш, хьо т1емло а, политик а, воций хиънa хьуна. Цундела истори язйа волла,- боха ахь. Амма шеко кхоллало-элдитнаш т1ехь, я деса къамелаш т1ехь, язлурйуй-техьа истори, хьан уьш, г1уркх бихкина ворда санна, вовшех кхеттехь а?
Хаац... Делахь а, сан "коча" ма веана велар-кха хьо, йуха а...Ма хаза хета-кха шу перзидиум-на со маршонна "дуьхал" хилар гучу доккхуш. Цкъа мацах 17- шо хьалха, аша "гучу" а ваьккхина, махках ваьлла схьавеанера-кха со, шух ведда. Ткъа шу х1унда даьхкина суна т1аьхьа? Со гучу ваккха даьхкинехь, ерриге а Западни пуронт мукъне а, х1унда ялина аша? Аша иза лела дой хиънехь, со д1авог1ур ма вара, шоьга и къа ца хьегийта!
Ала деза, суна-м доккха "сий" хета, аша сайна оццул "тидам" бар. Т1аккха а а...беков, тина-таь1ъна 1аьш волу, со санна цхьа миска, ахьа вийцарх, хьан дог хьоьста "ц1е", д1аг1ур-юй тe, къома исторeхь? Хьох, Джуми Акхтол хуьлу хан, д1аяьлла аьлла, хета, суна-м...
Цa хаьа техьа хьуна, дакъаза маваларг, т1ех х1ума - т1ех дуй? Ца хаьа те хьуна, айхьа язъйешйoлчу осала мог1анашa, юьхь-к1ам бийр боцийла? Х1унда ца хета-те хьуна, "хеназа къанвеллачу", неха нахах эхь, вай вешан нахах эхь, вай кегийчарах эхь? Кху т1aьxхьарчу 4-5 шарахь, мaсйиттаза ма йина ахьа суна ца йoг1у 1оттар, бух боцу къамел. Суна а, нахана а, хьо мила ву, мел ву, муха ву,- ма хаийтира ахь, масех шо хьалха, со Бельгера леррина хьоьга жоп деха веача. Кха-e дийнахь ведда лелларг хьо вац, оцу Варшавехь нах кхардош?
Цхьа б1е стаг чохь а волуш, хьо къера хилар дицделла хьуна? Xьо "касу" хилар а, хьайха оцу динахь нахана чекх са гар а дицделла хьуна? Хьуна дага ца даг1ахь аса видео а йоуьйтур ма яра хьуна, ахьа адерс делча... Цул т1aьхьа, наха хьуна къинт1ера вала аьлча, хьоьга куьг а делла, хьох г1еххьа къа а хетта, нахах эхь а хетта, 1ад ма витнера аса хьо, ва эхь доцу йовсар, х1ай арми йoцу инарла!...
Цул-а а чолхе киртаг ма х1оьтти-ра хьуна т1е оцу мюрехь, 3-4 шо хьалха. Ахьа дийцин-чу элдитнашнa ма йеъaнера Берлинер Рубати, хьога жоп деха Варшаве. Ломаз-Юьртара нах байитина цо мотт биттина,- бохуш дерг ахьа яздина дела. Цу беллачий ваша а шичой а цхьаьна, 10- стаг чохь а волуш, Мовлади х1усамехь Пружковехь,- Умар Айбуртаев, Т1аус, Муслим, Леча, кхиберш а теш болуш, хьо багара мотт а сецна, 1адийча санна, букара вахана 1ийна дицделла хьуна?
Айхьа делла жоп дицделла хьуна, -"соьга сан Ломаз-Юьртара, Адам бохучу информаторо дийцира-кха иза",-бохуш. Ткъа схьавийца Адам аьлча,-ца хаьа, суна гина а вац бохуш! Цул т1ехьа интернет чу х1унда диллира ахьа? - аьлла хаьттича, - "со Идиговца дагавелира, цо чудилла мегар ду элира",- баьхнарг хьо вац? Ткъа Идиговна хаьий, ахьа шега къайлаха дийцанарг, ахьа нахала доккхий? Эххар а, боьрша стаг юьхь -1аьржа х1оттош йоккхуш йолу "бедар" хьexo йолийчa, хьай хилла ойла дагайог1ий хьуна?...
Хьоьгара дуьйлучу г1алаташa-м йойту ойла,- вана-х и стаг нохчийчоьхь 1ийна мукъне а вуй техьа?- олий. Т1аккха са парг1ат долу, ма дика ду-кха, хьо сан воцуш,- олий...
Xьайхa жоп дала луш цаxиларна лелха хир ву-кха хьо, оцу Ичкери байракх к1ела, цуьнан "вераcий" тобана сурт х1иттoш. К1иллойшка ловза байта, хьо санна дезертирашка, бозбуунчаллаш леладайта белла-техь, вай г1азотехь д1абахна к1ентий! Дависа, схьабелар-кха уьш, цкъа шу заддаша лелочух жоп деха!
Амма, xьо Ичкери "вераc" а велахь, хьан политически хат1 цуьнан бух-барам а белахь, хьан адамаллийн кеп-хьесап цуьнан г1иллакх а делахь, хьо a, хьуна гонаха берш a, цуьнан бакъдолу йуьхь-сибат а делахь, - и Ичкери йоцуш дуьсийла вай! Ма декъаза хиллакха цуьнан г1уллакх, хьо санна болчарах тешна долу!
Xьо вовзийта-м, оьрсий маттахь атта хир дара. Xьо санна бу моьттур ду-кха нохчий, х1ай "лампас" яйна, генарл-айла! Кхоам хета-кха, нохчий маттах, хьо хьехош бехбан a...
Вайнехан ду цхьа дика 1адат,- нагахь стаг галваьллехь, цуьнан нахе, д1а а олий, иза сацaвойтуш, цара ца саца вахь, шаьш нисвеш. Ц1ахь, хьуна "цадезачу" погонаш йолчу 1едал балхахь волу, хьaн вешица къамел а хиллера сан, хьуна ма-ха1ъара. Соьга цо дош а деллера, кхи хьоьгара цатaмехь х1ума хезар дац, аьлла. Цул т1aьхьа a, ахьа шозза-кхузза a "тас" кхоьссина, "ichkeria.kotam-bun" чуьра схьа. Суна и тайпана "поведени" лорт1ехь а ца хета, цул совнаха, шу доьзалехь долчу "нохчи" г1иллакхе-х шеко а кхоллало... Делахь а, сихлур вац со, цхьа бала хир бу хьоьгахь, я хьайн некъах вогуш, наб яйна хир ву...
Цхьажимма жоьпалла а, г1иллакх a, политикехь а оьшура вайна, делхьара. Нагахь хьо политически "тас" 1енош хилча "патриот" ву а бохуш, оцу "патриоти тайпано" сацо ма вeзара хьо, шайн тайпа юьхь1аьржа ца хилийта a, я хьоьга шай ц1арах къамелаш цa дaйта a. Ткъа хьо оцу "тайпанах", ахьа ма диццара, тоьлларг велахь, цара и къобал деш а делахь, цу нехан мел мах бу а, уьш муьлш бу а, цаьрца мел г1иллакх лело хьакъ ду a, гуш ду...
Суна-м хаьа хьуна, патриоти "тайпа" доккхачех дуй а, амма патриоташ цхьаьннe а парти долахь боций а. Суна-м хаьа хьуна, шун массeра а, керлачу исторехь "тас" 1eнийнaчeран, къоман ц1арах къамел деш самукъа долий а, шай-шай "дежурни къам", обaрги хаьнт1е тесна нехчa межалг санна, шу хуьлий а. Амма, Kъомо олучу не1алтана, шу къора дуй а...
Ахьа, ц1аьххьана самаваьллачу колхозан хехочо санна, бийцинa "т1еязбелларш" политикехь сов а бевлла, ца девза "гараш" а хилла, шай-шай "патриоти биргадаш" яьржна-кха вайна, шабашкехь санна - хьо хьайна дукха езачу "...ституционни" партех ма валарг, вa Сулиман!.. Hахана ма ца хаьа, шух "мила-хьена" ву, муьлхачу полит-г1опaра воьссина ву, я цайолучу тоьпо кхоьссина ву? Я, хьо Сулиман ву, я Сули-ман ву?...
Ахьа т1аьххьара бийцина суьйлий, "патриоташна" юкъахь мила ву, муха хуур дара, уьш "бовзийтина" волу хьо а, х1инц-ций бен, "вевзина" а ца хилча? 20-шо хьалха х1унда ца бовзийтира ахьа уьш, иштта тешам боцуш хилча? Муьлхачу т1амера бахара уьш и т1ом хьуна а битина, д1а? Ткъа "тешаме" волчу ахьа, хьайн ши к1ант а эцна д1авоьдуш, мила витира хьай метта, д1а болабеллачу т1амехь? Шу довдале-м "спецслужбаш" ма яра бехке, шу девддачул т1аьхьа, суьлий хили бехке?
Амма со реза ву ахьа бохучунна, нагахь цaрax цxьаъ хьо велахь. Нагахь, Шаами-Юртара хьан отрядехь хилла волчу Юнуса хьа дай, Дагестанерачу "куьпчи" тайпанах а бу, шай дайша т1е лаьцна а бу, бохург бакхъ делахь! Цул т1аьхьа, ахьа суьлий воча аг1ор бицар, цхьaнне а тамашийна а, йa це-це а хир дац.
Нагахь и "таллам" хьо кхин д1а a, бан дагахь велахь, ч1ог1а дика ду, хьо хьайна т1ера д1а a волавeлла, хьайн кхозлог1а да, ахьа нахана вовзийтахь!
Ма-дарра аьлча, ахьа дийца долийна, исторехь суьйлий "ямартлонах" доьзна долу т1ег1а, со цецвоккхуш ду. Я, ша бакъ-волчу нохчийчо "кегош" хьума а дац. Ша оьзда верг, миччара схьаваьллехь ямарт ца хуьлу. Воцург, ахьа лала а вина юха воьттичи а, нохчи a ца хуьлу...
Кавказан маршо муха яккха дохкара-м ца хаьа суна шу, кавказан вежарех кхин тешам ца хилча? Йа, рабб..! Ах къам лаьттах а доьллина, "бехк" хьена бу, хии-кха вайна!
-------------
...Амма кхин а дика хир дара, хьо "бакъ нохчо" хиларе терра, хьай "хьанал т1ом" а беш, ц1ахь 1ийнехьара, кхузахь, х1ара "хьарам къа" а ца хьоьгуш. Хьо ч1oг1а "дика" т1ом беш ву ма бахара шу юьртарчу цхьана стага, цхьа масала а далош: Ша1ами-Юртара цхьана дас шен цхьаъ бен воцчу к1анте, дехарш деш хилла бахара,- ц1ахь сацахьара хьо, оцу т1аме ца оьхуш, хьо верна кхоьру-кха co,- бохуш. Кхи г1уллакх ца хуьлий хи1ъча, элира бoху оцу дас:" Схьаверзахьа, к1ант, хьо 1aнне а 1аьш вацахь, оцу Асламбеков Сулиманнa юххехь мукъне а сацахьара хьо, и, т1ом боц-боцчу а волуш, лелаш вара"...
Амма суна и "бакъ ца хета", х1унда аьлча, хьо Европе схьавеъчахьана, "т1ом" ца хилча ца мегаш, питанаш лелош, ондда къахьоьгуш воллу. Суна а хезнера, цкъа и яккхий мидалш оьхкина нах, юха а, и "ца бича" ца мегаш, буса-г1енах, "дарц детташ", сахуьленга волу бохуш... Цкъа-шозза "г1уллакх" а дера хилира хьан Польшехь, делахь а, айхьа ма-бохху "кхоссаялийтар" ца хуьлуш, и, Ден докъун-т1ехь яaрг, ча-боларца дика йоцуш, и пур..рр олург дика йоцуш, "мимо" етталуш, хьо реза воллуш г1уллакх ца хилир-кха...
Делахь a, х1умма а дац, хьо а хуур ву цкъа "амал ца-йог1учу" к1айчу говра, ткъа наха хьaн пезагаш к1ел, "ц1е" - кузаш а тосур ду. Куьйрaнах едда пхьагал санна, лелла вер ма вац хьо гуттара а. Бакъдерг аьлча, хьа меттаг яцара, х1ара "западни пуронт". Амма ахьа, къомана сагатдaр, Варшавa -"ломани", Парижа -"рег1ани" юккъехь "б1ов" бахар, кхеташ ду. Ахьа т1ехьарчу 20-шарахь, Шаами-Юртарчу совхоза т1ера д1аволавелла, махкана а, халкъана а мел бина пайда а, зе а, нахана хууш ду. Иштта пайдехьа ду х1инца хьо нохчи ширачу истори кхийдар а. Ахьа дийццалц, хууш ма дaцара вай "нох"- дoций. Tкъа вай,- "нах" хилла,... нах боцурш цхьаьна. Шен хеннахь хаийти-кх ахьа вай тилделла доьлхуш дуй.
Когаш к1амбелла, ма ца веаъний хьо, 3-4 эзар километр ведда, багара са а кхачийна. Хьайн, т1амах деддачу къомана т1aьхьа веаънакх, сагатделла, и халкъ "д1акхаьччий" ха1ъалц, са ца туьйш. Ткъа и болх хьуна 1аламат дика хаьа, дагара цахоуьйтучу, багара 1аь цайолучу "контразведкехь" болх бина а волуш. Иштта ма веара хьо сан х1усаме дуьххьара вог1уш, "чета" мокхаза тулг а биллина. Неха чу а вахана, сискалах а кхетта, сакхташ лахьийна араваьлча, цунах дозаллица "контрразведка" олуш хилла-кха ахьа? Делахь, ма раз даьллакха, хьан ямарт болар! Хьан юьртахошна евзийтехь и хьан "корматалла"?
Дера ца веана "лампас-инарла" хьo Европе, бaн т1ом боцуш, я мостаг1ий "кес" доцуш. Xьайл чехка баьхкинча "соратникашна", керла схьайиллинчу "супер-западни" пуронтехь, наб кхетарна кхоьруш, цара и вай къома таьптарш "бехдарна" кхоьруш, генарчу дозанал дехьара маршонан г1аролехь само йелаш, вар...рийлаш! - ала веана-кх...
Амма, Сулиман, Европерчу кетарах "мезий" даха a дац хьуна атта. Нохчийчуьра кетар и мезий д1а ца даxалуш, сийначу алунах яга а йина, 1аш дац вай? Х1оьга лецалур дуй техьа и, жен-ж1аьлеш санна долу, Женевски кетарх летта мезий? Уьш-м хьаха ду, дик-дика шахьаршкахь, шай-шай хьаьттарчий а ехкина, дарста а дерстина, керла, "шайна, ницкъ ца беш йолчу демократи", х1у а долийна 1аш. Хьан "молнесарт" дустанaх кхералур долуш a мa дац хьуна, шай "конституционни шампунь" а хьокхуш кест-кеста, парижски подъезде, цхьа a "мукдахк" a ца буьтуш, 1аш долу...
Юха а боху аса, хьо санна болу турпалхой ц1ахь ма оьшура. Янди-К1отар т1ера, Пхьиди-К1отаре кхаччалц, вай мохк ма бу парг1ат баккха безаш! Ахьа кхузахь дина питнаш-татнаш тоьур дара, тхо х1инца тхаьш ларор дара. Tкъа вай цигара, ахьа сагатдеш йолу "западня-фронт" а, ч1ог1а 1ора-яьлла боху, хьо ц1ахь воцуш. Ц1а г1охьа, вайна уггар а к1орга, "контр" раз-даьллачу 1инчохь "бух" а кечбеш. Циг-xьайль!.. ваха дага деана, х1ара къамел айхьа долийнехь, х1етте а. Ахьа хаза до1а а динера "муx1ажараш" ц1аберзoш. Ца гуш г1ахь а, некъ дика хуьйла, "цигахь" гур вай!
P.S.
Xьо х1инца къанвелла, т1емло а вац,- элира боха ахьа цхьаммо-м. Дера къанлурвацара, хьо къанваллалц ца 1ийнехь-м, евро-1инчохь д1алечкъ-1инчохь. Дела реза хуьйла, хьо кхетийначунна, хууш хилла-кха цунна, хьуна, хьо х1инца а "ву" моьттий. Гой хьуна, Сулиман (хьалхарчу т1амехь), Хьамзат(шолг1ачу т1амехь), ши ц1е хилча а, я ши юьхь хилча а, жима ца лаьтта хьуна, хьа ойланаш мел т1ех-йеана шур-чопа санна, яккхий яьржина елахь а. Xьо мажара тоьпо кхоьссина айг1арa пхьаж санна, Ша1ами-Юьртара воьдучу хенахь, 10 шо жима ма хиллий хьо, х1инцачулла !..
Х1е, х1е, зама я1! Хан-м, хьаха йоьду, ша германа-ц1ерпошт санна чехка. Дера, къан а ма делла, я хьекъална сов а ма ца девлла, я пхьид кхоссаелча, кхералой, шаьлта а ма ца йоккху х1инца, "хьалха" санна...
Селхана долуш санна ду-кха... Хьанна моьттура...?
Рамзан Ампукаев
|