РАЗДЕЛ "АНАЛИТИКА"

Зуламаш совцоран некъ – йозуш йоцу пачхьалкх

CHECHENPRESS. Отдел писем. 09.10.08 г.

 

Маршалла ду, шоьга, лараме  Маршо радионан нохчийн редакцин белхалой!

Берлинехь цхьана кхеттера, вайн нохчий меттан хиндолчун сагатдеш, иза т1екхуьучу кегийчу чкъорана, кху хийрачу махкахь, биц цабалийтаран некьаш т1ехь ойла йеш болу нохчий, шун радионан ладог1архой.

И 1алашо кхочуш йарехьа,    аша  бечу белхан,  ч1ог1а, лаккхара мах хадийра, цу цхьана кхетарехь.

Кху, хийрачу, мехкашкахь бехачу нохчашна, ч1ог1а, хаза  хета шайн Ненан маттахь керланаш хазар а, хазарал совнаха, оьздачу, ц1енчу маттахь,  Нохчичохь а, цуьнан дозанал арахь а  долу, бакъ долу, керланаш довзар.

Цул сов, мехала а,  пайде а  ю, аьлла хета, къаьсттина, вайн т1екхуьуш долчу чкъорана,  вайн исторех,  Нохчичохь а, дуьнен т1ехь а долчу, актуални политикан а, экономикан хьелех лаьцна,  бакъдерш  гойтуш, аш еш йолу,  тематикин передачаш.

Новкъа ду,  нохчийн маттахь йолчу передачийн хан, 1аламат ч1ог1а, к1еззиг хилар!  Билгалдаккха лаьа,  цу, аш билгалйинчу хенашкахь, цхьацца, дахарца доьзна долчу бахьанашца, сих-сиха шоьга  ладог1а,  дуккха а  болчу нехан, аьтту цахилар.  Ткъа, интернетехь пайда эцар, массеран, ца нисло. Хан т1етоха  аьтту хилча, ч1ог1а, пайде хир дара! Амма, шоьх доьзна  иза доций хаьа тхуна. Тхан а, дуккха, нохчийн а,  ишта лаам  хилар, шуна, хаийта лаьа тхуна!.

Вай нохчийн къоман дахарца, цуьнан историйца доьзна, цхьадолу,  хаттарш а, проблемаш  а, теманаш ю аьлла хетара тхуна, къаьсттина, шайна т1е тидам бахийта безаш. Царех цаъ ю: Россин пачхьалкхо, вайн, нохчийн къомаца, лелийна харцо. Цу пачхьалкхо, вайн къомана т1ехь  йина геноцидаш. Цу зуламех лаьцна  долу бакъдерш довзийтар,  вайн декхар ду, т1ехьа, и тайпана зуламаш, юха а, цу пачхьалкхе, ца дайтаран хьелаш кхоллар а, некъаш лахар а. Ткъа, и тайпа зуламаш, вайн къомана т1ехь ца дайтаран некъех а, хьелех а ду: вайн нохчийн къоман, йозуш йоцу, пачхьалкх хилар. Цу Россин пачхьалкхо вайн къомана т1ехь дина зуламаш дуьненна а, вайн т1екхуьуш долчу чкъорана а довзийтар, и пачхьалкх а, и зуламдай а (белларш а, дийна берш а) кхеле озор.

Хууш ма хиллара, кху т1аьхьарчу заманчохь, вайн къоман т1ехь геноцид йина болу Россин 1едалан дайша, меттигерчу хьадалчашкахула  д1ахьош йолу политика, вайн къомана т1ехь  хьалха заманахь а, кху заманахь а дина долу зуламаш, геноцидаш д1ахьулдаран 1алашо йолу кампани ю.

Царех ю: Россица дика лулахаллин  юкъаметтигаш д1ах1итторан 420 шо кхачар  ц1етиллина долу харцдерг  даздар,  вайн къоман ц1ий 1анийна, цунна т1ехь геноцид йина, я, и еш, дакъалоцуш хилла болчу г1азакхий салтийн(псковерчу десантникийн), зуламхочун, инарла Трошевн а,  зуламден Путинан а, вайн нохчийн, коьртачу шахьаран, урамийн ц1ераш тахкар.

Дерзош ала лаьа, Берлинерчу радио Маршонан  ладог1архойн ц1арах, доккха, баркалла ду, цигахь болх мел бечарна. Дела реза хуьлда шуна,  Дала, вайн къомана, беркате дойла аша хьоьга къа.

 

Берлинера Маршон радио ладог1архойн гуламан куьгалхо Ахьмадан Са1ид