РАЗДЕЛ "АНАЛИТИКА"
   

Дала 1алаш дойла вай-нохчийн къам!

CHECHENPRESS. Отдел официальной информации. 23.02.08

 

Бисмиллах1иррахьманиррохьим!

Ассаламу 1алайкум, лераме нохчий!

Х1окху деношкахь, къузткъе диъ шо кхечи, 1944 шарахь, вайн къам махкаха даьккхина. Амма заманан оьмарлахь, и шераш мел гена довлу а, цу денойн къаьхьаллийн хорам 1аьъна лаьтта вайн иэссаллехь. Шо шаре мел дели а, шайн аьзнийн айамаш совбуьхуш санна, вайна схьахезаш хетало, х1етахь махкаха баьхначу зударийн а, берийн а маьхьарий, божарша Деле деш хиллачу до1анийн дехарш, церан г1айг1анечу назманийн узамаш.

Шайн ц1еначу сибаташца, вайн б1аргашна хьалха лаьтта, шаьш нохчий хилар бен, кхин цхьа а шайн бехк - гуьнехь доцу, Хьайбахахь багош берш, Галанч1ожан 1амчохь бойуш берш, Сибрехан лайлахь г1орийна а, мацалла а д1акхелхарш. Тахана кхин цкъа а, вайн синтезаташ царна х1иттаеш, дагалоцур вай уьш, царна т1ера Деле до1наш дарца, вовшашка кадамаш барца, духур дац, дицлур дац, дуьтур дац бохучу ва1даца. Оцу вайн юккъарачу лазамо вайга кхуьлу: х1ора а нохчо, ша санна волучу нохчийчунна, ваша, доттаг1а, накъост хила декхаре ву бохуш. Т1аккха бен, Сибреха вай дай бигна, шовзткъе итт шо даьллачул т1аьхьа, вайна т1едиссина долу х1инцалера т1еман баланаш, Дала Шен къинхетам бина, вайна т1ера д1аоьцур доцийла хаа деза вайна.

Цкъа, вайн юккъара и барт эг1арна бахьана долуш, оцу зуламо вайн къомаха цхьа доккха дакъа, шен ц1ийлахь карчадеш хьаькхна охьадилли, хийланиг т1епаза вайъи, заь1апа ваьккхи, тутмакха вина виги. Hoхчийн къомаха кхин цхьа йоккха тоба а, шайх мух1ажараш беш, Нохчийчуьра араяьккхи, 1944 шарахь, махкаха баьхначеран хьалакхиъна долу бераш а, церан бераш а шаьш хуьлуш долу. Тахана дуьне мел ду, дакъаза бовла герга бахна лела уьш, шайн ненан мотт бицбеш, дайн 1адаташ дицдеш, даймехкан г1иллакхаш дуьтуш, исламан динна гена буьйлуш.

Кху т1аьхьарчу оцу кхойтт-дейтта шарахь и къизалла вайна т1ехь мостаг1чо латтаеш, я Малхбалера а, я Малхбузера а цхьа пачхьалкхе, цхьа къам, цхьа тоба орцаха цаели вайна. Х1окху дуьненчохь вайна хууш а, цахууш а инзаре дукха хиллера нохчийн къоман а, нохчийн пачхьалкхан а мостаг1ий. Шаьш вайна т1ехь лелаечу боьхачу политикехь, духкучарна а, оьцучарна а уггаре йораха, нохчийн ц1ий а хеташ. Оцу вайн къоман мостаг1ашна луург цхьаъ хиллера: нохчо виэр, цунна зулам дар, иза дакъаза ваккхар.

Амма, и вайна т1е1аьтт1арг мел боккха ц1армата ницкъ белахь а, вай тахна тешна ду, Аллах1-Дала Шен къинхетам вайха бийриг хиларна, нагахь вай, Шена муьт1ахь, хастамбеш, хьесталуш хилахь, вовшашца къинхетаме, собаре, имане хилахь. Цундела, вай ц1ера даьхначу х1окху дийнахь, оцу кхойтачу шарахь Сибрехахь вайн мел велларг а, ишта, кху т1аьхьарчу кхойтачу шарахь, Нохчийчохь т1емаша вайн мел вийнарг а дагалоцуш, цу Аллах1-Деле (с.т.), вай деха а доьху: «Йа, Аллах1(с.т.), Хьоьгахь Къинхетам а бара-кх, Хьо, Къинхетам беш верг а вара-кх, Хьайн Сийлалла дуьхьа, Хьайн Локхалла дуьхьа, Aйхьа вазвина ваийтиначу Мухьаммад-пайхамар(с.а.с.) дуьхьа, Хьайн и Къинхетам белхабехьа тхуна а, тхан махкана а т1е. Хьо тхуна оьг1азло йина велахь, и оьг1азло тхуна т1ера д1аайехьа, нагахь, Хьо тхо зуьш велахь, тхан Айхьа и зиэр къобалдехьа. Тхо галдохуш, тхуна юкъадоьлличунна, Хьайгара нийсо а ехьа» - ... амин,... амин,... бохуш.

Дала 1алаш дойла вай-нохчийн къам.

Нохчийчоьнан Парламент