Умаров Докке кхайкхам
CHECHENPRESS, Отдел писем, 21.11.07.
Бисмиллах1иррахьманиррахьийм!
Ассаламу 1алайкум ва Рахьматуллах1и ва Баракатух1у, Нохчийн Президент а т1еман кхеташонан Баьчча-Амир волу хьомсара, лераме Докка. Аллах1-Дала шу тешнабехках, йоьхь1аьжонах, вочу балхах лардойла, Дала шу шайн 1алашоне кхачадойла. Таханаллалца собаре хилла 1ара со, хьоьга да лерина х1ара сайн дехар сацийна.
Вайн дайша аьлла – " Г1алат нис ца динарг ду".
Вай Алхьамдулиллах1 цхьа Делан мисканаш ма ду, иштта г1ийла а ду. Г1алат ца долуш цхьа а Адам дац, амма шен г1алатанна къера хуьлуш ву Аллах1ах кхоьрург иза дерриге а халкъанна кхочуш хилча ванне а сихонца. Со хьуна хьег1а ниййат а йа х1умма а долуш ца воллу, хьуна бай1ат диначарех цхьа1 ву со, долуш долу хьал дийцарца дагаволуш ву Дала мукъалахь сайн долчу декхарца.
Эмират аьлча – вайн халкъо еккъа шен белшашт1ехь, шен Са терзаннат1е а диллина, дукхе-дукха геннара дуьйна схьа бахьаш болу, хьокху безачу, сийлахьчу, маршонан къийсаман некъана з1е хеда, йаккха ц1е йоцуш, ала дош а доцуш. Ткъа иштта вайна зенедерг, вайн а Делан а мостаг1 волу Москван-Кремлан марш бат1ош ма нисло т1аккха шена оьшачуьнца. Кху дуьненан хьелашца дукха Адам-ма ду, кхана уьш даржах бевлча жоьпе уозо бахьанаш лелош 300 000 гергга дийна долучу Адамах. Цу жоьпах бовла аьтто бо церан, х1ара во нах ма бара оха байъинарш ала, шайн цхьа а ц1е а низам а йа бух а боцуш болу зуламхой ала.
Вайна хуург ца хууш ма вацара Джохар, Зелимха, Аслан,1абдул-Хьалим. Вайн г1азуотехь д1акхелхина х1ора а кху дуьненан меха болу къонахий декъал хила и дош ца тоьаш санна ма нисло х1ара вайн т1аккха. Вайн керла ц1е тиллар дац оьшаш дерг. Аллах1-Дела вайн ниййаташ хууш, дегнашчу хьоьжуш Ву.
Вай 5 шо хьалха коьрта к1ентий дуьненахь вайца а болуш цхьаьна (Аллах1-Дала церан массери а сийлахьа Г1азуот къобал дойла), массери а лаамца Йоккхачу Шурахь нисдина долу Къур1анца хьадисашца вайн Маршонан Низам-Конституци тоам хила ма беза.
Вайгахь Низаман некъ йа болх ца тоьаш хьал ма дац. Цхьа а шеко йоцуш шу тхан кхане а деган йовхо а ю. Х1ора ламазца, кхеташонехь, дагадовларшкахь, шу Аллах1е дехар до1анел йа лаамел хьалха х1ума доцуш, дуьне мадду баьржина лелаш б1е эзарнаш ма бу Вайнах, пана а хилла, са а пха шуна чу а диллина шайн ниц1къ мел кхочу. Уьш къийсамах, байракхах, бухах хадабо оцу Эмират бохучу дашо.
Вайн Элчанна Дош ду (С.1.В.) «Шайн ниййаташ дика дара алий, долучунна а т1е хьал доха ма делаш» аьлла.
Нийса делахь а дацахьа ша аьллачунна т1ехь латта г1ертарг ца оьша Наханна йа накъосташна а, шайн лазам а лаам а тергалбешверг оьша.
Со х1ара т1аьххьара маршонан некъ болалуш юьххье нисвиначех ву Дала.1990 шарахь кху дуьнент1ехь мел болу Нохчийн Коьрта нах Векалш а кхайкхина Шемара, Йорданера, Хункарара,1амеркера, Малхбалера массанахьара а болучеран лаамца бартаца, Нохчийн
халкъан бакъонан доза мадду т1елаьцна некъ ма бу вай тахана къийсамехь латтош берг.
Аса доккхачу дехарца кхайкхам бо хьоьга Докка, оцу вайн халкъо кхайкхиначу некъат1ера ца валар, цу некъанна дохьала нисделларг д1адаккхар а, сан дехар суна далар а Аллах1ан Шиэн доьхьа.
Вайн Элчано аьлла (С.1.В.) "Шаьш дагадовларца хьукум да сацам бечу хенахь, шайн карахь долучу хьолаца хьесап дустий бойла аша".
Ва ахируд да1вана анил хьамду Лиллах1и Раббил 1аламийн. Вассаламу 1алайкум ва Рахьматуллах1и ва Баракатух1у.
Боккхачу лерамца ИК ОКЧН белхан кхеташонан куьйгалхо, хьан ваша
Аьрсбин Абу-Бакр.
|