РАЗДЕЛ "НОВОСТИ "

Заявление чеченского ПЕН центра

CHECHENPRESS, 11.10.06г.

 

Оха боккхачу лазамца т1еийци Москвахь ц1еяххана журналист Политковская Анна ер.
Тхан шеко яц, иза еран бахьана - цо беш болу болх, цо Нохчийчоьнах лаьцна бакъдерг дуьйцу материалаш хилар.

 Иза йийна Нохчийчохь шаьш лелош йолу къизаллаш, нах идор, уьш т1епаза байар, суьдаш йоцуш нах х1аллакбар хьулдан луучара.
  
Иза йийна Россихь ца дозу газеташ, телевиденеш д1акъевлиначара, царна т1аьхьа лаьттачу 1едало.

Анна юьйш лаг озийнарг мила  хила а тарло, амма лаг озадайтинарш уьш бу.

Оха тхайн ницкъ кхочучу аг1ора дашца дуьхало йийр ю оцу 1едална,  Политковская А.  сана, цо лелориг д1ахоуьйтуш, массаьрга кхечаьрга а кхойкху изза я кхин ницкъ кхочург дан.

 10.10.2006.

http://penchechen.net